Хелпикс

Главная

Контакты

Случайная статья





КхоалгIа бух - Вайн Пайхамар Мухьаммад - Делера къинхетам а, маршалла а хуьлда цунна - вайна вовзар.



{وَ تَوَكَّلْ عَلَى الْعَزِيزِ الرَّحِيمِ. الَّذِى يَرَاك حِينَ تَقُومُ. وَ تَقَلُّبَكَ فِى السَّاجِدِينَ. إِنَّهُ هُوَ السَّمِيعُ الْعَلِيمُ} [سورة الشعراء: الآيات 217-220].

{Ахь болх тIе билла Нуьцкъала а Къинхетаме а волчунна , хьо гуш волчунна хьо лаьттачу хенахь (ламазехь), суджудаш деш болчарна юкъахь хьо дIасахьийзаш а (гуш волчунна), баккъалла а Иза ву Хезаш а Хууш а верг} [Сурат "АшшуIараъ" 217-220 аяташ].

 

Кхин а АллахIан дош ду:

{وَ مَا تَكُونُ فِى شَاْنٍ وَ مَا تَتْلُواْ مِنْ قُرْءَانٍ وَ لاَ تَعْمَلُونَ مِنْ عَمَلٍ إِلاَّ كُـنَّا عَلَيْكُمْ شُهُودًا إِذْ تُفِيضُونِ فِيهِ}  [سورة يونس: الآية 61].

{Хьо цхьа а хьолехь хуьлуш а вац, ахь цхьа (дакъа) Къуръан ца доьшу, аш цхьа а Iамал а ца йо Тхо шуна тIехь тешаш долуш бен шу и хIумнаш дан дуьйлалучу хенахь (а, дечу хенахь а)} [Сурат "Юнус" 61 аят].

 

Суннатера тешалла ду массарна девзаш долу Жабраил малайкан хьадис, ХаттIаба кIанта Iумара - Дела реза хуьлда цунна - дийцина долу. Iумара элира: "Тхо Делан Элчанна - Делера къинхетам а маршалла а хуьлда цунна - уллехь хоьвшина Iаш долчу хенахь тхуна тIе веара цхьа стаг, чIогIа кIай духар дуьйхина а волуш, чIогIа Iаьржа месаш а йолуш, шена тIехь гуш цхьа а некъан лар а йоцуш, тхуна цхьанненна а воьвзаш а воцуш. Пайхамарна - Делера къинхетам а маршалла а хуьлда цунна - улло охьахиира иза,

шен ши гола цуьнан голех а хIуттуш, шен ши куьг цуьнан шина варе тIе а дуьллуш. ТIаккха цо элира: ХIай Мухьаммад! Исламах лаьцна дийцахьа суна. ТIаккха Пайхамара элира: Иза ахь тешалла дар ду АллахI воцург кхин дела вац аьлла, Мухьаммад Цуьнан элча а ву аьлла, ахь ламаз дар а ду, закат далар а ду, марха кхабар а ду, новкъа ваха хьайн ницкъ кхачахь хьадж дар а ду. ТIаккха цо элира: Бакъ лоь хьо. ТIаккха тхо цуьнах цецдевлира - цуьнга хетта а хоьттуш иза бакъвеш вукхa иза аьлла! ТIаккха цо элира: Иманах лаьцна дийцахьа суна. Пайхамара элира: Иза хьо тешар ду АллахIах а, Цуьнан малайкех а, Цуьнан жайнех а, Цуьнан элчанех а, тIаьхьарчу (къемата) дийнах а, къадрах (билгалдаккхарх) а - цуьнан диканах а вонах а. ТIаккха цо элира: Бакъ лоь хьо. ТIаккха Ихьсанах лаьцна дийцахьа суна. Пайхамара элира: Иза ахь Iибадат дар ду - хьайна АллахI гуш волуш санна, ткъа хьуна Иза гуш вацахь а Цунна хьо гуш ву. Цо элира: Къемата дийнах лаьцна дийцахьа суна. Пайхамара элира: Шега хоьттуш верг хаттарш дечул сов цуьнах лаьцна хIумма а хууш вац. ТIаккха цо элира: цуьнан билгалонех лаьцна дийцахьа суна. Пайхамара элира: лай йолчу зудчо шен эла яр а, когаш Iуьйра, тIейуха хIума йоцуш хилла болу къен-миска жаIуй гIишлош ярехь къийсалуш хьуна гар а. ТIаккха иза дIавахара, тхо диссира. ТIаккха Пайхамара элира: ХIай Iумар, хеттарш деш хилларг мила вара хаьий хьуна? Ас элира: АллахI а Цуьнан Элча а ву дика хууш верг. Пайхамара элира: Иза Жабраил дара, шуна шун динан болх Iамо деана".

 

КхоалгIа бух - Вайн Пайхамар Мухьаммад - Делера къинхетам а, маршалла а хуьлда цунна - вайна вовзар.

 

Иза ХIашима кIента IабдулмуттIалиба кIента IабдуллахIа кIант Мухьаммад ву. ХIашим Къурайши тайпанах ву, Къурайши тайпа Iаьрбой бу, ткъа Iаьрбой - АллахIан доттагI хиллачу ИбрахIим-Пайхамаран кIента ИсмаIилан тIаьхьенах бу - Делера салават а, салам маршалла а хуьлда цаьршинна а вайн Пайхамарна а -.

 

Пайхамар кхузткъе кхаа шарахь ваьхна, шовзткъа шарахь шега пайхамаралла далале, ткъе кхаа шарахь пайхамар а элча а волуш.

Цуьнга пайхамаралла делла "Икъраъ" - "Деша" бохучу суратца, ткъа цуьнах элча вина "Муддассир" - "ДIахьарчинарг" бохучу суратца.

 

Цуьнан шахьар Макка ю. АллахIа иза ваийтина нах ширках ларбеш, тавхьиде кхойкхуш.

 

Цуьнан тешалла ду АллахIан дош:

{يَـا أَيُّـهَا الْمُدَّثِّرُ. قُمْ فَأَنْذِرْ. وَ رَبَّكّ فّكّبِّرْ. وَ ثِيَابَكَ فَطَهِّرْ. وَ الرُّجْزَ فَاهْجُر. وَ لاَ تَمْنُنْ تَسْتَكْثِرُ. وَ لِرَبَّكَ فَاصْبِرْ} [سورة المدث: الآيات 1-7].

{ХIай дIахьаьрчинарг, хьалагIатта, кхерам хилар дIа а хьеде. Хьайн Дела ваз а ве. Хьайн бедарш цIан а йе. ЦIена йоцучу хIумнах хьой хер а ве. Айхьа деш долу дика цул дукха хьайна юха хила лууш а ма де. Хьайн Делан доьхьа собар а де} [Сурат "Алмуддассир" 1-7 аяташ].

 

"ХьалагIатта, кхерам ло" бохучуьнан маьIна ду - Цо кхерам балар а Делаца накъост варха, Дела цхьаъ варе кхайкхар а.

"Хьайн Дела ваз а ве" бохучуьнан маьIна - ахь Иза вазве цхьаъ варца бохург ду.

"Хьайн бедарш цIан а йе" бохучуьнан маьIна - хьайн Iамалш ширках цIан йе бохург ду.

"ЦIена йоцучу хIумнах хьой хер а ве" бохучуьнан маьIна – цIух (жаIарех) хер ло бохург ду, церах хервалар уьш Iад йитар а ду, церах а царна Iибадат дечу нахах цIена хилар а ду.

  

ХIокху кхайкхаме - тавхьиде - кхойкхуш итт шо даьккхина Пайхамара -Делера салават салам хуьлда цунна -, тIаккха итт шо даьллачул тIаьхьа стигала хьалаваьккхина иза Дала, пхи ламаз тIе а диллина цунна цигахь.   

 

Маккахь кхаа шарахь Iийна иза ламаз парз динчултIаьхьа, тIаккха Мадинате хIижрат де аьлла омру дина цунна АллахIа.

 

ХIижрат - иза АллахIаца накъост вечу махкара бусалба дин лелочу махка кхалхар ду. АллахIаца накъост вечу махкара бусалба дин лелочу махка хIижрат дар хIокху умматана тIехь парз а ду, къемат де даллалц лаьттар долуш а ду.

Тешалла ду АллахIан дош:

{إِنَّ الَّذِينَ تَوَفَّهُمُ الْمَلَئِكَةُ ظَالِمِى أَنْفُسَهُمْ قَالُواْ فِيمَ كُنْتُمْ قَالُواْ كُـنَّا مُسْتَضْعَفِينَ فِى الأّرْضِ قَالُواْ أَلَمْ تَكُنْ أَرْضُ اللهِ وَسِعَةً فَتُهَاجِرُوا فِيهَا فَأُوْلَــئِكَ مَأْواهُمْ جَهَنَّمُ وَ سَاءَتْ مَصِيرًا. إِلاَّ الْمُسْتَضْعَفِينَ مِنَ الرِّجَالِ وَ النِّسَاءِ وَ الْوِلْدَانِ لاَ يَسْتَطِيعُونَ حِيلَةً وَ لاَ يَهْتَدُونَ سَبِيلاً. فَأُوْلــئِكَ عَسَى اللهُ أِنْ يَعْفُوَ عَنْهُم وَ كَانَ اللهُ عَفُوًّا غَفُورًا} [سورة النساء: 97-99]. 

{Баккъалла а шаьш шайна зуламхой а болуш (АллахIана Iеса хиларца) малайкаша дIакхалхош берш, цаьрга эр ду: шу муьлха хьолахь дара? Цара эр ду: тхо гIор доцуш дара лаьтта тIехь. Цара (малайкаша) эр ду: АллахIан латта шорта дацара шуна аш цу тIехь хIижрат дан? Уьш шайн боьрза меттиг жоьжагIате ерш бу, ма вон воьрза меттиг а юкхa (иза). (Царна юкъа богIуш бац) божарех а зударех а берех а гIора доцурш, кIелхьарабовлийла ца карош болу, некъ а ца хууш болу. Уьш бу АллахIа шайна гечдан а къинтIера вала а там берш, ткъа АллахI ву къинтIера волуш а гечдеш а}

[Сурат "Аннисаъ" 97-99 аяташ].

  

Кхин АллахIан дош а ду:

{يَـعِبَادِىَ الَّذِينَ ءَامَنُواْ إِنَّ أَرْضِى وَاسِعَةٌ فَإِيــَىِ فَاعْبُدُونِ} [سورة العنكبوت: الآية 56].

{ХIай иман диллина болу Сан лайш! Баккъалла а Сан латта шорта ду шуна, ткъа аш Суна цхьанна Iибадат де} [Сурат "АлIанкабут" 56 аят].

 

БагIавий цIе йолчу Iелам стага аьлла: "ХIара аят доссаран бахьана ду Маккахь хIижрат а ца деш биссина хилла болу бусалба нах. Дала цаьрга кхайкхина Иманан цIарца".

 

ХIижрат даран хьокъехь Суннатера тешалла ду Пайхамаран -Делера салават салам хуьлда цунна - дош: "ХIижрат дIахедар дац тоба дIахаддалц, ткъа тоба дIахедар дац малхбузехьара малх схьакхетталц".

 

Мединатехь вайн Пайхамар -Делера салават салам хуьлда цунна - сецначул тIаьхьа тIедехкина цунна Дала диссина долу бусалба динан гIуллакхаш а, Iамалш а, закат а, марха а, хьадж дар а, азан дар а, ДжихIад а, диканиг де алар а, вониг ма де алар а санна, иштта кхин йолу Iамалш а.

 

Оцунна тIехь лаьттина иза Мединатехь итт шарахь, тIаккха дIакхелхина иза - Делера салават салам хуьлда цунна -, амма цуьнан дин диссина.

 

Цхьа а дика дитина дац цуьнан дино цунна уммат тIенисдина бен, я вон а дац цо уммат цуьнах лардина бен. Цо шена тIенисвина долу дика - Тавхьид ду, Дела цхьаъ вар ду, Далла дезаш а Иза реза мел волу хIума а ду.

  

Оцу дино духатоьхна долу вон хIума - ширк ду, АллахIана цадезаш долу а, Цо духа мел тухуш долу хIумнаш а ду.

 

АллахIа вайн Элча массо адамашна ваийтина ву, цунна муьтIахь хилар жинашна а адамашна а тIедиллина а ду. Тешалла ду АллахIан дош: 

{قُلْ يـــَأَيــُّهَا الناَّسُ إِنِّى رَسُولُ اللهِ إِلَيْكُمْ جَمِيعًا} [سورة الأعراف: الآية 158].

{Ахь ала: ХIай адамаш! Со шуна массарна (ваийтина волу) элча ву}  

[Сурат "АлъаIраф" 158 аят].

 

АллахIа цуьнца дуьзна кхочушдина Шен бусалба дин.

Тешалла ду АллахIан дош:

{الْيَوْمَ أَكْمَلْتُ لَكُمْ دِينَكُمْ وَ أَتْمَمْتُ عَلَيْكُمْ نِعْمَتِى وَ رَضِيتُ لَكُمُ الإِسْلــَمَ دِينًا}

 [سورة المائدة: الآية 3].

{Тахана Ас дуьзна кхочуш ди шуна шун дин, шуна тIехь Сайн ниIмат кхочуш а ди Ас, Ислам шун дин хила реза а хили Со} [Сурат "Алмаидат" 3 аят]

 

Пайхамар валаран тешалла ду АллахIан дош:

{إنَّكَ مَيِّتٌ وَ إِنَّهُم مَّيِّتُونَ. ثُمَّ إِنَّكُمْ يَوْمَ الْقِيَامَةِ عِنْدَ رَبَّكُمْ تَخْتَصِمُونَ}[سورة الزمر:الآيتان 30-31].  

{Баккъалла а хьо а лийр волуш ву, уьш а лийр болуш бу. Цул тIаьхьа баккъалла а къемат дийнахь шайн Далла гергахь шу къийса а лур ду} [Сурат "Аззумар" 30-31 аяташ].

 

Адамаш деллачул тIаьхьа юха хьалагIовттор долуш ду, цуьнан тешалла АллахIан дош ду:

{مِنْهَا خَلَقْنــَكُمْ وَ فِيهَا نُعِيدُكُمْ وَ مِنْهَا نُخْرِجُكُمْ تَارَةً أُخْرَى} [سورة طه: الآية 55].

{Оха цуьнах (латтанах) кхоьллина шу, цуьнга дерзор а ду шу, цуьнах юха а хьаладохур а ду шу}

[Сурат "ТIахIа" 55 аят].

 

Кхин а АллахIан дош ду:

{وَ اللهُ أَنبَتَكُم مِّنَ الأَرْضِ نَبَاتًـا. ثُمَّ يُعيدُكُم فِيهَا وَ يُخْرِجُكُمْ إِخْرَاجًا}

[سورة نوح: الآيتان 17-18].

{АллахIа шу кхиийра латтанах кхиорца. Цо шу дерзор а ду юха цуьнга дерзорца, тIаккха хьала а дохур ду (латтанаха) хьаладахарца}

[Сурат "Нухь" 17-18 аяташ].

  

Адамаш гIиттийначул тIаьхьа царна хьесап дийр долуш а ду, шайн Iамалашка хьажжина бекхам бийр болуш а бу. Тешалла ду АллахIан дош:

{وَ للهِ مَا فِى السَّمـَوَت وَ مَا فِى الأَرْضِ لِيَجْزِىَ الَّذِينَ أَســَاءوا بِمَا عَمِلـُواْ وَ يَجْزِىَ الَّذِينَ أِحْسَنُواْ بِـالْحُسْنَى} [سورة النجم: الآية 31]. 

{АллахIан ду стигланашкахь а латта тIехь а дерг, вон динчарна бекхам бархьама цара динчуьнца, дика динчарна бекхам а бан диканца} [Сурат "Аннажм" 31 аят].

 

ГIовттор хилар харцдеш верг куфр (керстаналла) деш ву. Цуьнан тешалла ду АллахIан дош:

{زَعَمَ الَّذِينَ كَفَرَواْ أَن لَّن يُبْعَثُواْ قُلْ بَلَى وَ رَبِّى لَتُبْعَثُنَّ ثُمَّ لَتُنَبَّؤُنَّ بِمَا عَمِلْتُمْ وَ ذَلِكَ عَلَى اللهِ يَسِيرٌ} [سورة التغابن: الآية 7].

{Моьттина АллахIах ца тешачарна шаьш гIовттор дац аьлла, ахь ала: муххале а, сан Делор, шу гIовттор а ма ду, тIаккха шуна хаийтур а ма ду аш динарг, и дар АллахIана атта а ма ду}    [Сурат "АттагIабун" 7 аят].

 

Дала массо Элчанаш кхерам а луш, кхаъ а боккхуш бахкийтина бу. Тешалла ду АллахIан дош:

{رُسُلاً مُبَشِّرِينَ وَ مُنْذِرِينَ لِئَلاَّ يَــَكُونَ للنَّاسِ عَلَى اللهِ حُجَّةٌ بَعْدَ الرُّسُلِ}

 [سورة النساء: الآية 165].

{(Ас бахкийтина) Элчанаш, кхаъ боккхуш болу, кхерам луш а болу, нахана цахилийта элчанел тIаьхьа АллахIана хьалха тешалла} [Сурат "Аннисаъ" 165 аят].

 

Элчанех хьалхарниг Нухь ву - Делера салам маршалла хуьлда цунна -, тIаххьарниг Мухьаммад ву - Делера салават а салам а хуьлда цунна -, иза пайхамарийн мохIур ду (цул тIаьхьа кхин Пайхамар а Элча а вац).

 

Церах хьалхарниг Нухь хиларан тешалла ду АллахIан дош:

{إِنــَّا أِوْحَيْنَآ إِلَيْكَ كَمَا أِوْحَيْنَا إِلَى نُوحٍ وَ النَّبِيِّينَ مِن بَعْدِهِ} [سورة النساء: 163].

{Оха хьоьга вахьйу дина, Нухь-пайхамаре а цул тIаьхьа хиллачу пайхамаршка а вахьйу даре терра}   [Сурат "Аннисаъ" 163 аят].

 

Нухьана тIера дуьйна схьа Мухьаммадна тIекхач- чалц долчу массо умматашна АллахIа элчанаш бахийтина, Шена цхьанна Iибадат де аьлла царна омру а дина, "тIагIутана" Iибадат дар а цамагийна.

Тешалла ду АллахIан дош:

{وَ لَقَدْ بَعَثْنَا فِى كُلِّ أُمَّةٍ رَّسُولاً أَنِ اعْبُدُواْ اللهَ وَ اجْتَنِبُواْ الطَّاغُوتَ}

[سورة النحل: الآية 36].

{Баккъалла а Оха вахийтина массо умматана элча - АллахIана Iибадат а де, тIагIутах лар а ло аьлла}  [Сурат "Аннахьл" 36 аят].

 

АллахIа массо лайшна тIедиллина Шех тешар, тIагIутах ца тешар, иза харц а деш. Ибнул-Къаййима - Дала къинхетам бойла цуьнах - аьлла: "ТIагIут бохучуьнан маьIна ду - Iибадат дарехь а, тIаьхьавазарехь а, муьтIахь хиларехь а Дала шена тоьхна долчу дозанал тIехволуш долу хIума. ТIагIуташ дукха ду, церан кортош пхиъ ду: Дала Шен къинхетамах гена даьккхина долу Иблис ду, ша реза а волуш шена Iибадат дайтинарг а ву, шена Iибадат даре нах кхайкхинарг а ву, къайлах дерг шена хаьа бохург а ву, АллахIа доссийна доцучуьнца хьукм деш верг а ву".

Тешалла АллахIан дош ду:

{لآ إِكْرَاهَ فِى الدِّينِ قَد تـَّبَيَّنَ الرُّشْدُ مِنَ الغَيِّ فَمَنْ يَكْفُرْ بِالطَّاغُوتِ وَ يُؤْمِنْ بـِاللهِ فَقَدِ اسْتَمْسَكَ بِالْعُرْوَةِ الْوُثْقَى لاّ انْفِصَامَ لَهَا وَ اللهُ سَمِيعٌ عَلِيمٌ} [سورة البقرة: الآية 256].

{Дегаза дин тIелацийтар (мегаш) дац, билгалъялла нийсо тиларха, ткъа тIагIутаца куфр а дина (иза Iад а дитина) АллахIаца иман диллинарг (Цуьнах тешнарг) - иза хили чIогIачу, ондачу, хедар доцучу дазарехь (Исламехь), АллахI Хезаш а Хууш а ву}  

[Сурат "Албакъарат" 256 аят].

  

ХIара ду - "лаилахIа иллаллахI" - АллахI воцург кхин дела вац бохучуьнан маьIна. Хьадисехь деана ду: "Белхан корта Ислам ду, цуьнан бIогIам ламаз ду, цуьнан лакхалла (уггаре лекха барам) Делан дуьхьа Делан некъахь ДжихIад (ГIазот) дар ду".

 

Ткъа массарел дика хууш верг АллахI ву.

 

"Кхо бух" олу жайна чекхдели.       



  

© helpiks.su При использовании или копировании материалов прямая ссылка на сайт обязательна.