Хелпикс

Главная

Контакты

Случайная статья





Къахеташ, Къинхетамечу АллахIан цIарца!



Къахеташ, Къинхетамечу АллахIан цIарца!

 

Хьуна хаийла - АллахIа хьох къинхетам барг - вайн декхар хилар диъ хIума Iамадар:

 

1  -   Хьалхарниг: Iилма ду. Iилма - АллахI вовзар ду, Цуьнан Пайхамар - Делера салават салам хуьлда цунна - вовзар ду, Ислам дин довзар ду шен делилашца (баххашца).

2    -    ШолгIаниг: Оцу Iилманца Iамал яр ду.

3 - КхоалгIаниг: Оцу вайна доьвзинчуьнга нах кхайкхар ду.

4 - ДоьалгIаниг: Нах вайна доьвзинчуьнга кхойкхучу хенахь вайна хуьлуш йолчу халонна сатухуш, собаре хилар ду.

 

Оцу деа хIуманан делил, цунна тешалла ду АллахIан дош:

 { بِسْمِ الله الرَّحْمنِ الرَّحِيمِ. وَالْعَصْرِ. إنَّ الإنْسَانَ لَفِي خُسْرٍ إلا الَّذِينَ آمَنُواْ وَ عَمِلُواْ الصَّالِحَاتِ وَ تَوَاصَواْ بِالْحَقِّ

وَ تَوَاصَواْ بِالصَّبْرِ } [سورة العصر: الآيات 1-3 ]  

{Къахеташ, Къинхетамечу АллахIан цIарца! Хенаца (дуй буу Ас)! Баккъалла адам эшамехь ма ду. (АллахIах) теша а тешна , дика Iамал йинарш а, бакъонца весет динарш а, собарца весет динарш а боцурш}. [Сурат "АлIаср" 1-3 аяташ].

 

Имама ШафиIийс - Дала къинхетам бойла цуьнах - хIокху сурат хьокъехь аьлла: "АллахIа Шен халкъана тешаллийна хIара сурат бен ца доссийнехь а, иза тоьар дара царна тешалла хила (цуьнца Iамал ян)". Имама Бухарис - Дала къинхетам бойла цуьнах - аьлла: "Iилма Iамор Iамал ярал хьалха хилар довзайту баб (дакъа)".

 

Iилма Iамалал хьалха даккха дезаш хиларан тешалла ду АллахIан дош:

 [سورة محمد: الآية 19](فَاعْلَمْ أَنَّهُ لا إِلهَ إلا الله وَ اسْتَغْفِرْ لِذَنْبِكَ )

{Хьуна хаийла АллахI воцург кхин дела цахилар, хьайн къинна гечдар а деха}  [Сурат "Мухьаммад" 19 аят]. 

 

ХIокху аятехь АллахIа Шен омру "Хаийла хьуна" аьлла, дашал а, Iамалал а хьалха Iилманца долийна.

  

Юха кхин а хаийла хьуна - АллахIа хьох къинхетам барг - хIора бусалба стагна а, зудчунна а тIехь хилар, хIинца вай дуьйцур долу кхо хIума Iамадар.

 

1 - Хьалхарниг: Вай АллахIа кхоьллина хилар, цул тIаьхьа Цо вайна рицкъа делла хилар, Цо вай тесна дитина цахилар а тидам боцуш. Муххале а, Цо вайна Пайхамар ваийтина. Цунна мутIахь хилларг ялсамане гIур ву, амма цунна Iеса хилларг жоьжахате а гIур а ву. Оцунна тешалла ду АллахIан дош:

{إِنَّآ أَرْسَلْنَا إِلَيْكُمْ رَسُولا شهِدًا عَلَيْكُمْ كَمَآ أَرْسَلْنَا ِإَلى فِرْعَوْنَ رَسُولا. فَعَصَى فِرَعَوْنُ الرَّسُولَ فَأَخَذْنهُ أَخْذًا وَبِيلا} [سورة المزمل: الآيتان 15-16 ]

{Оха шуна Элча ваийтина, шуна тIехь теш а волуш, ФирIавн волча Оха элча вахайтарх терра, ткъа ФирIавн элчанна Iеса хилира, тIаккха Оха иза (ФирIавн) хIаллаквеш долчу лацарца лецира}                                         

 [Сурат "Алмуззаммил" 15-16 аяташ].

 

2 - ШолгIаниг: АллахI реза вац Шеца накъост варна, хилайла иза малайкашна Iибадат дарца, я пайхамарашна Iибадат дарца.(1) Тешалла ду АллахIан дош:

{وَ أَنَّ الْمَسَاجِدَ لله فَلا تَــدْعُواْ مَعَ اللهِ أَحَدًا} [سورة الجن: الآية 18]

{Баккъалла, маьждигаш АллахIан ду, ткъа аша ма кхайкха АллахIаца цхьанга а}     [Сурат "Алджинн" 18 яат].

 

3 - КхоалгIаниг: Делан Элчанна - Делера салават салам хуьлда цунна - муьтIахь волчунна, Дела цхьаъ веш волчунна мегаш дац, Далла а, Делан Элчанна - Делера салават салам хуьлда цунна - дуьхьал ваьллачунца гергарло лелор, иза шен уггара гергара стаг велахь а.

  

Цунна тешалла АллахIан дош ду:

{لا تَجِدُ قَوْمًا يُؤْمِنُونَ بالله وَ الْيَوْمِ الآخِرِ يُوَآدُّونَ مَنْ حَآدَّ اللهَ وَ رَسُولَهُ وَ لَوْ كَانُوا ءَابَاءَهُمْ أَوْ أَبْنَاءَهُمْ أَوْ إِخْوَانَهُمْ أَوْ عَشِيرَتَهُمْ أُولئِكِ كَتَبَ اللهُ ِفي قُلُوبِهِِمْ الإيمَانُ و أَيَّدَهُمْ بِرُوحِ مِّنْهُ وَ يُدْخِلُهُمْ جَنّتٍ تَجْرِى مِنْ تَحْتِهَا الأنْهَارُ خـلِدِينَ فِيهَا رَضِيَ اللهُ عَنْهُمْ وَ رَضُواْ عَنْهُ أُولئِكَ حِزْبُ اللهِ ألآ إنَّ حِزْبَ اللهِ هُمُ المُفْلِحُونَ} [سورة المجادلة: الآية 22]  

{Хьуна карор дац къам, АллахIах а, Къемат дийнах а теша а тешаш, АллахIана а Цуьнан Элчанна а дуьхьало еш берш (дов лелош берш) безаш долу,

__________________________________

(1) Цхьаболчу наха, я малайкашна Iибадат деш, я пайхамарашна Iибадат деш АллахIаца накъостий лецна Iибадат дарехь. Масала, керста наха Iийса-пайхамарах Дела вина, цунна Iибадат до цара. Иштта кхечара малайкашка орца доьху, я уьш Делан йоIарий бу олу, я АллахIе бен далуш доцу хIуманаш, цаьрга дало моьттуш лела. Оцу кепара, пайхамаршкара а гIо лоьху, я цаьрга шайн хьашташ кхочуш дар доьху. Ткъа массо хIуманна тIехь ницкъ кхочуш волу АллахI, адамашка Шегара гIо доцург гIо дац шуна, Ша делларг бен рицкъа дац шуна аьлла волу АллахI Дела реза вац оцу хIуманашна. Муха хир ву Иза реза, Цо адамаш а, жинаш а Шена цхьанна Iибадат дайта бен кхоьллина ца хилча? (Гочдархо).

уьш шайн дай белахь а, я шайн кIентий, я шайн вежарий, я шайн тайпана (белахь а). Уьш (бусалба динна дуьхьал болчарца гергарло ца лелош берш) АллахIа шайн дегнашкахь Иман яздинарш бу. (Цо) уьш чIагIбина шегарцу сица (Жабраилца), (Цо) уьш бохуьйтур а бу, шайна кIелхула татолаш лелачу бошмашка (ялсамане), даим цу чохь хир а болуш. АллахI реза хили царна, уьш Цунна реза а хили. Уьш бу АллахIан тобанах, ткъа АллахIан тоба баккъалла декъал ю} [Сурат "Алмуджадалат" 22 аят].

 

Хьуна хаийла - АллахIа хьо Шена муьтIахь хиларе нисварг - ИбрахIима-Пайхамаран миллат, хьанифийн дин иза ахь АллахIана даггара Iибадат дар хилар. АллахIана цхьанна, даггара Iибадат дар - и ду АллахIа массо нахана омру дина тIедиллинарг, иза бахьанехь адамаш кхоьллинарг а.

АллахIа Къуръан чохь ма аллара:

{وَ مَا خَلَقْتُ الجِْنَّ وَ الإنْسَ إلا لِيَعْبُدُونِ} [سورة الذاريات: الآية 56]

{Аса ца кхоьллина жинаш а адамаш а, цаьрга Сайна Iибадат дайта бен}  

[Сурат "Аззарийат" 56 аят]. 

 

"Сайна Iибадат дайта" бохучуьнан маьIна - "Со цхьаъ вайта" бохург ду.

  

Ткъа АллахIа омра динчарех уггар доккханиг "тавхьид" ду, цуьнан маьIна: Iибадат дарехь АллахI цхьаъ вар ду.

 

Иштта, АллахIа ца магийначех уггар доккханиг "ширк" ду, цуьнан маьIна: АллахI воцучунна Iибадат дар ду, Цуьнца кхечуьнга кхайкхар санна. 

Цунна тешалла АллахIан дош ду:

{وَ اعْبُدُواْ اللهَ وَ لا تُشْرِكُواْ بِهِ شَيْئًا} [سورة النساء: الآية 36]

{(Аш) Iибадат де АллахIана, цхьа а хIуманца Цуьнца накъост а ма ве}         

[Сурат "Аннисаъ" 36 аят].

 

Ткъа нагахь санна хьоьга алахь: адамана бовза безаш болу кхо бух хIун бу? Ахь ала: Лайна шен Дела а, шен дин а, шен Пайхамар Мухьаммад а - Делера салават салам хульда цунна - вовзар бу.

  



  

© helpiks.su При использовании или копировании материалов прямая ссылка на сайт обязательна.