Хелпикс

Главная

Контакты

Случайная статья





ШолгIа бух - шен баххашца бусалба дин довзар.



ШолгIа бух - шен баххашца бусалба дин довзар.

 

Бусалба дин - иза АллахI цхьаъ варца Цунна муьтIахь хилар ду, цо аьлларг деш хилар а ду, Цуьнца накъост варах а ширкан охIлунах а цIена хилар а ду.

 

Бусалба дин кхаа даржехь ду: Ислам, Иман, Ихьсан. Оцу кхаа даржах хIоранне а ше-шен арканаш (бIогIамаш) ду.

Бусалба динан хьалхара дарж - Ислам.

Исламан арканаш пхиъ ду:

1) тешалла дар АллахI воцург кхин дела вац аьлла, Мухьаммад АллахIан элча а ву аьлла;

2) ламаз дар;

3) закат далар;

4) мархи бутт кхабар;

5) АллахIан цIентIе хьадж дар.

 

АллахI воцург кхин дела вац аьлла тешалла дан дезаран далил АллахIан дош ду:

{شَهِدَ اللهُ أَنَّهُ لا إِلهَ إلَّا هُوَ وَ الْمَلئِكَةُ وَ أُوْلُواْ الْعِلْمِ قَائِمًا بِالْقِسْطِ لا إِلهَ إلا هُوَ الْعَزِيزُ الْحَكِيمُ} [سورة آل عمران: الآية 18]

{Тешалла дина АллахIа Ша воцург кхин дела вац аьлла, малайкаша а дина, Iилман дайша а дина, нийсонна тIехь лаьтташ ву АллахI, кхин Дела вац иза воцург, Нуьцкъала а Хьекъале а волу} [Сурат "АалIимран" 18 аят]

 

Цуьнан маьIна - цхьа а вац шена Iибадат дан хьакъ волуш цхьа АллахI воцург бохург ду. "ЛаилахIа" - цхьа а Дела вац бохучу дашо дIадоккху АллахI а витина шена Iибадат мел деш долу хIума, "иллаллахI" - АллахI воцург бохучу дашо чIагIдо цхьана АллахIана Iибадат дан дезар, Цуьнца Iибадат дарехь накъост а ца веш, Цуьнан паччахьаллехь Цуьнца накъост ца хиларе терра.

И аят туьду АллахIан кхечу дашо:

{وَ إِذْ قَالَ إِبْرَاهِيمُ لأبِيهِ وَ قَوْمِهِ إِنَّنِى بَرَآءٌ مِمَّا تَعْبُدُونَ. إلا الَّذِى فَطَرَنِى فَإنَّهُ سَيَهْدِينِ. وَ جَعَلَهَا كَلِمَةً بَاقِيَةً فِى عَقِبِهِ لَعَلَّهُم يَرْجِعُونَ} [سورة الزخرف: الآيات 26-28].

{ИбрахIима аьлча шен дега а шен къоме а: со цIена ву аш Iибадат дечух, со кхоьллинарг воцучах (кхечарех цIена ву со) Цо со нисвийр ву. Цо (ИбрахIима) цуьнах (ша аьллачу дашах) дира шел тIаьхьа шен тIаьхьлонна дуьссур долу дош, уьш (цуьнан да а къам а) юха боьрзур бацара те аьлла} [Сурат "Аззухруф" 26-28 аят].

 

Кхечу АллахIан дашо а:

{قُلْ يَـأَهْلَ الْكِتَابِ تَعَالَوْا إِلَى كَلِمَةٍ سَوَاءٍ بَيْنَنَا وَ بَيْنَكُمْ أَلاَّ نَعْبُدَ إِلاَّ اللهَ وَ لا نُشْرِكَ بِهِ شَيْئَا وَ لاَ يَتَّخِذَ بَعْضُنَا بَعْضًا أَرْبَابًا مِنْ دُونِ اللهِ فَإِنْ تَوَلَّوْا فَقُولُواْ اشْهَدُواْ بِأَنَّا مُسْلِمُونَ} [سورة آل عمران: الآية 64].

{Ахь ала: хIай жайни охIла, дуьйла тхуна а шуна а цхьатерра долчу даше: вай, АллахI воцучунна Iибадат а ца дан, Цуьнца цхьа хIуманца накъост а ца ван, АллахI а витина вай вовши эланаш а ца деш. Ткъа нагахь санна уьш юха бовлахь аш ала (цаьрга): тешалла де тхо бусалба хиларца} [Сурат "АлIимран" 64 аят].

 

Мухьаммад АллахIан элча ву аьлла тешалла даран далил АллахIан дош ду:

{لَقَدْ جَاءَكُمْ رَسُولٌ مِنْ أَنْفُسِكُمْ عَزِيزٌ عَلَيهِ مَا عَنِتُّمْ حَرِيصٌ عَلَيْكُمْ بِالْمُؤْمِنِينَ رَءُوفٌ رَّحِيمٌ} [سورة التوبة: الآية 128].

{Шуна веъна элча, шух шайха волу, йазло цунна шуна хуьлу халонаш, кхоаме, тIаламе ву иза шуьца, муъмининашца (АллахIах тешаш болчаьрца) эсала а къинхетаме а ву иза} [Сурат "Аттавбат" 128 аят].  

  

  Мухьаммад АллахIан элча ву бохучуьнан маьIна ду: цо омру динчунна муьтIахь хилар, цо дийцинчу хIуманна тIехь иза бакъ вар, цо маде аьллачу хIумнах ларвалар, цо де аьллачу кепара бен АллахIана Iибадат ца дар.

 

Ламазан а, закатан а, тавхьидан маьIнан а тешалла ду АллахIан дош:

{وَ مَا أُمِرُواْ إِلاَّ لِيَعْبُدُواْ اللهَ مُخْلِصِينَ لَهُ الدِّينَ حُنَفَاءَ وَ يُقِيمُواْ الصَّلوةَ وَ يُؤتُواْ الزَّكَوةَ وَ ذَلِكَ دِينُ الْقَيِّمَةِ} [سورة البينة الآية 5]

{Царна омра дина дацара АллахIана Iибадат де аьлла бен, динлелор цIенчу даггара Цуьнан доьхьа долуш, хьанифаш (ИбрахIиман дин тIехь АллахIана цхьанна Iибадат деш берш) санна, ламаз а де закат а ло аьлла а бен. Иза ду нийса дин} 

[Сурат "Албаййинат" 5 аят].

 

Марха кхабаран тешалла ду АллахIан дош:

{يَا أَيُّهّا الَّذِينَ آمَنُواْ كُتِبَ عَلَيْكُمُ الصِّيَامُ كَمَا كُتِبَ عَلَى الَّذِينَ مِنْ قَبْلِكُمْ لَعَلَّكُمْ تَتَّقُونَ} [سورة البقرة: الآية 183].

{ХIай муъмининаш (АллахIах тешаш дерш) шуна тIе яздина (тIедиллина) ду марха кхабар, шул хьалха хиллачарна яздаре терра, шу хир дацара-те кхоьруш (АллахIах)}   [Сурат "Албакъарат" 183 аят].

 

Хьадж даран тешалла ду АллахIан дош:

{وَ لِلَّهِ عَلَى النَّاسِ حِجُّ البَيْتِ مَنْ اسْتَطَاعِ إِلَيْهِ سَبِيلاً وَ مَنْ كَفَرَ فَإِنَّ اللهَ غَنِيٌّ عَنِ العَلَمِينَ} [سورة آل عمران: الآية 97].

{АллахIана (хьакъ) ду нахана тIехь хьадж дар, новкъа ваха ницкъ кхаьчначо, ткъа цхьамма керстналла дахь - АллахI Iаламера хIумма оьшуш вац}     

[Сурат "АлIимран" 97 аят].

  

Бусалба динан шолгIа дарж - Иман.

 

Иманан кхузткъеитт а кхин масех а дакъа ду, церах уггар дезаниг "лаилахIа иллаллахI" алар ду, уггар лахарниг новкъара нех дIаяккхар ду, эхь хетар а ду Иманан цхьа дакъа.

  

Иманан арканаш ялх ду: Делах тешар а, Цуьнан малайкех а, Цуьнан жайнех а, Цуьнан элчанех а, къемат дийнах а, къадрах (билгалдаккхарх) тешар а, цуьнан диканах а вонах.

  

Оцу арканийн тешалла ду АллахIан дош:

{لَيْسَ الْبِرَّ أَن تُوَلُّواْ وُجُوهَكُم قِبَلَ المَشْرِقِ وَ المَغْرِبِ وَ لَكِنَّ الْبِرَّ مَنْ آمَنَ بِاللهِ وَ الْيَوْمِ الآخِرِ وَ الْمَلَئِكَةِ وَ الْكُتُبِ وَ النَّبِيِّينَ} [سورة البقرة: الآية 177].

{Дикалла, суьпалла яц аш шайн яххьаш малхбалехьа а малхбузехьа а ерзор, амма дикалла ю АллахIах тешар а, тIаьхьарчу (къемат) дийнах а, малайкех а, жайнех а, элчанех тешар а} [Сурат "Албакъарат" 177 аят].

 

Къадран (билгалдаккхаран) тешалла ду АллахIан дош:

{إِنَّا كُلَّ شَىْءٍ خَلَقْنَهُ بِقَدَرٍ}  [سورة القمر: الآية 49].

{Баккъалла а Оха массо хIума кхоьллина билгалдаккхарца} 

[Сурат "Алкъамар" 49 аят].  

Бусалба динан кхоалгIа бух - Ихьсан.

Ихьсанан цхьа рукн ду, иза - ахь АллахIана Iибадат дар ду хьайна Иза гуш волуш санна, ткъа хьуна Иза гуш вацахь а Цунна хьо гуш ву.

 

 Тешаллийна ду АллахIан дош:

{إِنَّ اللهَ مَعَ الَّذِينَ اتَّقوا وَّ الَّذِينَ هُم مُّحْسِنُونَ} [سورة النحل: الآية 128].

{Баккъалла а АллахI Шех кхоьруш болчаьрца а ву, мухьсининашца (Ша гуш волуш санна Шена Iибадат деш болчарца а, нахана дика деш болчарца) а ву} [Сурат "Аннахьл" 128 аят].

 

 Кхин а АллахIан дош ду:



  

© helpiks.su При использовании или копировании материалов прямая ссылка на сайт обязательна.